Please translate Нана

चेचेन

Нана

Дарбане хьа дега йовхо
Даимна са даг ца йогу

Са да1а со йина нана
Доьзална ехар хьо кхана
Г 1енашкахь жимали кхида
Диталахь са парг1ат хьийза

Припев:
Нана хьо са ирсе серло
Нана хьо са ирсе серло

Тховса бен тидам ца хилла
Къоьжала месаш т 1е йоьжна
Лацалуш дагахь ша бина
Йоьлху со г 1айби т1е йоьжна

Са хаза са хьоме нана
Йижахьа биц бай хьай бала
Г 1енашкахь бералла леха
Дитахьа хьай са маршо йеха

Припев:
Нана хьо са ирсе серло
Нана хьо са ирсе серло

Мелаша месаршъа хьостуш
Муьлу ас хьа дега марзо
Хьаналчу куьгех куьг хьокху
Ешара мог 1анаш йаздо

Йалахьа къинт1ера нана
Тхо кхиош ца кхиънехь йаха
Нена дог везачу дала
Эхартахь маршо йу аьлла
Йалахьа къинт1ера нана
Тхо кхиош ца кхиънехь йаха
Нена дог везачу дала
Эхартахь маршо йу аьлла

Припев:
Нана хьо са ирсе серло
Нана хьо са ирсе серло

कमेन्ट