АллахIу Акбар

Chechen
A A

АллахIу Акбар

Замано гIулч яккхи - тIебеъна тIом,
Юха а хIаллакдан вайн Нохчийн къам,
Маршо вай ларъйийр ю, ГIазоте гIовта,
Делан ницкъ вайца бу мостагIий ата!
 
Вайн Махкахь дукха хилла халонаш Iовшар,
ГIазот дар сийлахь ду, хIилланаш - сутар,
Же, гIовтта, генахь дац толаме хабар,
МостагIчун тIелата, АллахIу Акбар!
 
Фердовсехь Ялсмане яккха дац атта,
Делан омра кхочуш деш ГIазотехь латта!
Дуьненахь хала некъ вай тахна барна,
Дика-вуо къастор ду Эхартахь Дала.
 
Сийлахьчу Исламан байракхаш айба,
Асхьабийн гIиллакхаш шайгара гайта.
Делера гIо доьхуш латталаш майра,
Маршо я Iожалла - кхин некъ бац вайна!
 
ШахIийдан лекха дарж Делера деха,
Азаллехь сацийна Делан кхиэл леха,
Хало ловчу Къонахчо атта сатуха,
Вайн дайша аьлла ду: "ТIом тIамо буха туха!"
 
ШарийIат кхайкхор ду, нисдеш вайн дахар.
Хьарам ду мунепакъ латта тIехь вахар,
Бакъоне халкъ кхайкхар - Къонахчун декхар,
Далла тIе болх билла, АллахIу Акбар!
 
ДегIастахь сирла малх кхетар бу кеста,
Исламан зIаьнарш ю Нохчийчохь хьерчаш,
Иман а, низам а коьрта ду тахна,
Вай цкъа а хьийзар дац дахарех доьхна!
 
ХIинца ахь декийта, илланча, аз,
Даккхийта пондаре толаман заза,
Хьесапца, хьукумца эккхае вас, -
ЛадугIуш лаьтташ ю хьоме Кавказ!
 
АллахIу Акбар, АллахIу Акбар!
АллахIу Акбар, АллахIу Акбар!
 
English

 

Login or register to post translation
Comments